osis_id
stringclasses
66 values
chapter
int64
1
150
start_verse
int64
1
176
end_verse
int64
1
176
text
stringlengths
10
678
Gen
1
1
1
Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий.
Gen
1
2
2
Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кӀорга хи а, Ӏаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тӀехула лелаш дара.
Gen
1
3
3
Дала элира: «Хуьлийла серло». ТӀаккха серло хилира.
Gen
1
4
4
Дела хьаьжча, Цунна и серло дика хийтира. ТӀаккха Дала серло боданах къастийра.
Gen
1
5
5
Серлонах Дала «де» элира, ткъа боданах «буьйса» элира. Иштта суьйре а дӀаелира, Ӏуьйре а еара. ДӀаделира цхьа де.
Gen
1
6
6
Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хӀаваъ хуьлийла».
Gen
1
7
7
Иштта хилла дӀахӀоьттира: Дала дуькъачу хӀавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хӀаваана тӀехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш.
Gen
1
8
8
Цу дуькъачу хӀаваах Дала «стигал» элира. Суьйре а хилира, Ӏуьйре а тӀееара. ДӀаделира шолгӀа де а.
Gen
1
9
9
ТӀаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира.
Gen
1
10
10
Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хӀорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира.
Gen
1
11
11
Цул тӀаьхьа Дала элира: «Лаьтта тӀехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хӀу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хӀора стоьма чохь хӀуш а долуш. Оцу хӀух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дӀахӀоьттира.
Gen
1
12
12
Латто сийналла а елира, буц елира, ялта а кхиира, шайн-шайн тайпана хӀу а луш, уьш юха а йовлуш. Стоьмаш ло дитташ а хьаладевлира, шайна чохь хӀуш а долуш, царех кхин а цу тайпана дитташ а довлуш. Иза а, хьаьжча, Далла хазахийтира.
Gen
1
13
13
Юха а суьйре дӀаелира, Ӏуьйре а еара. Чекхделира кхозлагӀа де а.
Gen
1
14
14
Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тӀе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш.
Gen
1
15
15
Лаьтта тӀе шайн серло а лойла цара». Иштта хилла дӀахӀоьттира.
Gen
1
16
16
Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Ӏуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь.
Gen
1
17
17
Уьш Дала дӀанисдина стигалахь, лаьтта тӀе шайн серло ялийта а,
Gen
1
18
18
дийнан а, буьйсанан а Ӏуналла дан а, серло боданах къасто а. Дела хьаьжча, Цунна и дерриге а хазахийтира.
Gen
1
19
19
Суьйре а еара, Ӏуьйре а тӀекхечира. ДоьалгӀа де а дӀаделира.
Gen
1
20
20
Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хӀуманаш. ХӀаваэхь тӀема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а».
Gen
1
21
21
Иштта кхоьллира Дала Ӏаламат хӀордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хӀуманаш: яккхий а, кегий а. ХӀаваэхь тӀема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира.
Gen
1
22
22
Цо, уьш декъалдеш, элира: «Дебийла шу, тӀаьхье беркате а хуьлуш, хӀордаш хих дузуш. Дуккха а олхазарш кхуьийла дуьнен чохь».
Gen
1
23
23
ТӀееара суьйре, хилира Ӏуьйре а. ДӀаделира пхоьалгӀа де а.
Gen
1
24
24
Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тӀехь массо а тайпана садолу хӀуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дӀахӀоьттира.
Gen
1
25
25
Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира.
Gen
1
26
26
ТӀаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хӀуманашна тӀехь: хи чуьра а, лаьтта тӀера а дийнаташна тӀехь а, лаьттан текхаргаш тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге лаьтта тӀехь а».
Gen
1
27
27
Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь.
Gen
1
28
28
Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тӀаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чӀерашна тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге а лаьтта тӀера дийнаташна тӀехь а».
Gen
1
29
29
Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тӀера массо а хӀу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хӀу а долуш. Царех хир ю шуна юург.
Gen
1
30
30
Ткъа ерриге а садолчу хӀуманна а ло Аса массо а тайпана гӀа-буц. Ерриге а лаьтта тӀера акхарошна а, массо а стигалара олхазаршна а, хӀора лаьттан текхаргана а юург хир ю иза». И дерриге а хилла дӀахӀоьттира.
Gen
1
31
31
Оцу Ша мел кхоьллинчуьнга Дела резахиларца хьаьжира. Иштта еара суьйре а, Ӏуьйре а хилира. ЯлхалгӀа де а дӀаделира.
Gen
2
1
1
Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тӀехь мел йолу хӀума а.
Gen
2
2
2
ВорхӀалгӀа де тӀедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гӀуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира.
Gen
2
3
3
ТӀаккха и ворхӀалгӀа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гӀуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьӀира.
Gen
2
4
4
ХӀара ду стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а хилларг, Везачу Дала уьш кхуллучу хенахь.
Gen
2
5
5
Цу хенахь лаьтта тӀе яьлла яцара цхьа а аренан буц я колл, хӀунда аьлча Дала хӀинца а догӀа ца даийтинера лаьтта тӀе, адам а ца хиллера и латта лело.
Gen
2
6
6
Ткъа лаьтта тӀера Ӏаь хьалайолура, и дерриге а латта тӀада а деш.
Gen
2
7
7
ТӀаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира.
Gen
2
8
8
ТӀаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Ӏедан цӀе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра.
Gen
2
9
9
Цу лаьтта тӀехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тӀехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тӀера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а.
Gen
2
10
10
Цу бешахь хи тохархьама, Ӏедан-меттигера схьадолура хи, тӀаккха иза деа декъе декъалора.
Gen
2
11
11
Цхьаннан цӀе Пишон ю, иза ду дерриге а Хьавил-лаьттана тӀехдолуш. Оцу лаьттах деши а доллу.
Gen
2
12
12
(Цу лаьттара и деши дика а ду. Цигахь ю «бадолахь» олу сегӀазах тера а йолуш, хаза хьожа йогӀу хӀума а, «оникс» олу деза тӀулгаш а ду).
Gen
2
13
13
ШолгӀачу хин цӀе ю Гихьон, иза тӀехдолу дерриге а Хуша олучу лаьтта тӀехула.
Gen
2
14
14
КхоалгӀачу хин цӀе ю Хьиддекхал. Иза доьду Ашур-махка кхаччалц. ДоьалгӀа хи ду Эпрат.
Gen
2
15
15
ТӀаккха Везачу Дала адам Ӏедан беша даха хаийра, цуьнга и беш лела а йойтуш, Ӏалаш а йойтуш.
Gen
2
16
16
Ткъа цу стагана Везачу Дала тӀедиллира: «Массо а дитт тӀера стом баа мегар ду ахьа,
Gen
2
17
17
амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тӀера ма баалахь, хӀунда аьлча ахьа оцу тӀера стом биинчу дийнахь валарца дӀавер ву хьо», – аьлла.
Gen
2
18
18
ТӀаккха Везачу Дала элира: «Дика дац адам ша цхьаъ хилар, кхуллур Ас цунна гӀоьнча, цунах терра а йолуш, цуьнца а йогӀуш».
Gen
2
19
19
Массо а аренан акхарой а, даьхни а, дерриге а стигалара олхазарш а кхоьллинера Везачу Дала лаьттах. Цо уьш массо а адамна хьалха дӀахӀоттийра, цу стага царна хӀун цӀераш тохку хьожуш. ТӀаккха оцу са мел долчу хӀуманна адамо елла цӀераш йитира.
Gen
2
20
20
Иштта елира адамо цӀераш массо а даьхнина а, стигаларчу олхазаршна а, массо а акхарошна а, амма адамна ца нисъелира шеца йогӀуш йолу гӀоьнча.
Gen
2
21
21
ТӀаккха Везачу Дала чӀогӀа наб кхетийтира стагана. Цунна наб кхетта яьлча, цуьнан цхьа пӀенда схьа а баьккхина, и меттиг дилхаца дӀакъевлира.
Gen
2
22
22
Цул тӀаьхьа Ша оцу адамна чуьра баьккхинчу пӀендарх Везачу Дала зуда йира, иза цу стагана яла а еш.
Gen
2
23
23
Адамо элира: «ХӀара даьӀахк сан даьӀахкех ю, дилха а сан дилханах ду, кхуьнан цӀе а адам хир ю, иза майрачух яьккхина дела».
Gen
2
24
24
Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду.
Gen
2
25
25
И шиъ дерзина доллушехь, адам а, цуьнан зуда а вовшех ийза а ца лора.
Gen
3
1
1
Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хӀилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хӀокху бешара цхьанна а дитта тӀера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?»
Gen
3
2
2
Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тӀера стоьмаш даа мега тхуна,
Gen
3
3
3
амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тӀера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама».
Gen
3
4
4
ТӀаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХӀан-хӀа, лийр дац шу,
Gen
3
5
5
амма Далла хаьа, аша оцу дитта тӀера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бӀаьргаш дӀабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дӀатарлур дуй!»
Gen
3
6
6
Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тӀера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тӀера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира.
Gen
3
7
7
ТӀаккха дӀаделладелира церан шинне а бӀаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гӀаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дӀахьулдира цара шайн догӀмаш.
Gen
3
8
8
Дийнан йовхо лагӀъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах.
Gen
3
9
9
Ткъа Веза Дела кхайкхира адаме: «Хьо мичахь ву?» – аьлла.
Gen
3
10
10
Стага жоп делира: «Цу бешахь Хьан аз а хезна, Хьох кхера а велла, со верзина волу дела, дӀалечкъира со».
Gen
3
11
11
Везачу Дала хаьттира: «Хьо верзина ву хьан аьлла хьоьга? Аса баа мегар дац аьллачу дитта тӀера стом бииний-те ахьа?» – аьлла.
Gen
3
12
12
Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тӀера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», – аьлла.
Gen
3
13
13
ТӀаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хӀун ду ахь динарг?» Зудчо жоп делира Цуьнга: «Лаьхьано, хӀилла а дина, Ӏехийра со, ткъа аса и стоьмаш диира», – аьлла.
Gen
3
14
14
ТӀаккха Везачу Дала лаьхьане элира: «И вон ахь дарна, хьуна а хир ду вон. НеӀалт кхайкхадо хьуна массо а даьхнина а, ерриге а аренан акхарошна а хьалха. ХӀинца дуьйна хьо баллалц текхар бу хьо гай тӀехь, чан а юуш.
Gen
3
15
15
ХӀинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тӀаьхьенна а, цуьнан тӀаьхьенна а юкъахь а мостагӀалла хир ду. Зудчун тӀаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю».
Gen
3
16
16
Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира: «Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чӀагӀдийр ду хьан, лазаршца доьзалхо а хир ву хьан. ТӀаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо, ткъа иза хьуна тӀехь олалла деш хир ву».
Gen
3
17
17
Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неӀалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха.
Gen
3
18
18
КӀохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тӀе, аренан ораматех хир ю хьуна юург.
Gen
3
19
19
Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох».
Gen
3
20
20
ТӀаккха Адама шен зудчунна «Дахар луш ерг» (Ӏебархойн маттахь: Хьава), аьлла цӀе тиллира, хӀунда аьлча иза лаьттахь мел дехачу адамийн нана хир йолу дела.
Gen
3
21
21
ТӀаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неӀаран духар дира, иза царна тӀе а духуш.
Gen
3
22
22
Везачу Дала элира: «ХӀинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХӀинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тӀера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш».
Gen
3
23
23
Цул тӀаьхьа Адам Ӏедан-бешара дӀаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама.
Gen
3
24
24
Иза дӀа а эккхийна, Ӏедан-бешана малхбалехьа агӀор, чу волучохь, Везачу Дала дӀахӀоттийра дахаран диттана Ӏуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тӀе ца гӀортийта, цӀе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хӀоттийра.
Gen
4
1
1
Адам шен зудчух Хьавах кхийтира. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Хьавас элира: «Везачу Элан гӀоьнца бер дина ас». Цундела берах цо «Кхаим» элира (Ӏебархойн маттахь иза «дийриг» бохург ду).
Gen
4
2
2
Цул тӀаьхьа Кхаиман ваша Хьабул вира Хьавас. Хьабулах жаӀу хилира, ткъа Кхаимах – латталелорхо.
Gen
4
3
3
Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара.
Gen
4
4
4
Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Ӏахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а.
Gen
4
5
5
Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧӀогӀа оьгӀазвахана, хьаьжа юккъе шад хӀоттийра Кхаима.
Gen
4
6
6
ТӀаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгӀазе ву!
Gen
4
7
7
Ахь диканиг деш хилча, ларамца тӀеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неӀарехь къа лаьтта. И хьо Ӏехо гӀерташ ду, хьо цул тола веза».
Gen
4
8
8
ТӀаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гӀой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гӀоьртина, иза вийра.
Gen
4
9
9
ТӀаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?» Кхаима элира: «Суна хӀун хаьа? Со гӀарол-м вац сан вешина?!»
Gen
4
10
10
ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара.
Gen
4
11
11
ХӀинцачул тӀаьхьа неӀалт кхайкхадо Ас хьуна, хьан карах валар хилла хьан вешин цӀий дӀаоьцучу лаьтта тӀехь.
Gen
4
12
12
Ахь латта лелош, цо кхин лур дац, хӀинццалц санна, рицкъа. Ткъа кху лаьттахь, меттиг ца карош, лелар ву хьо».
Gen
4
13
13
ТӀаккха Кхаима элира Везачу Эле: «И таӀзар лан ницкъ кхочур бац сан.
Gen
4
14
14
Ахьа хӀинца со кху лаьттара а, Хьайн юьхь-дуьхьалара а эккхаварна, со волавелла лела везар ву. Суна дуьхьал мел кхетар волчун со вен таро хир ю».
Gen
4
15
15
Везачу Эло элира Кхаиме: «Нагахь санна хьо цхьаммо вехь, цунна ворхӀазза бекхам бийр бу Ас». ТӀаккха Везачу Эло Кхаимна тӀехь тамашийна билгало йира, и билгало хилар бахьана долуш, иза дуьхьал кхетча, цхьаьнгге а ца вейтархьама.
Gen
4
16
16
Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дӀа а ваьлла, Ӏедан-бешана малхбалехьарчу, Нада цӀе йолчу меттиге ваха охьахиира.
Gen
4
17
17
Кхаим шен зудчух а кхетта, церан кӀант хилира. Цунна ХӀанох аьлла цӀе тиллира. Цигахь Кхаима, гӀала а хӀоттийна, шен кӀентан цӀарах ХӀанох элира цунах.
Gen
4
18
18
ХӀанохан хилира кӀант Ӏийрад, ткъа Ӏийрадан хилира Махьуяал. Махьуяалан хилира кӀант Матушаал, Матушаалан а хилира кӀант ЛемакӀ.
Gen
4
19
19
ЛемакӀа ши зуда ялийра: цхьаннан цӀе Ӏада яра, вукхуьнан – Цилла.
Gen
4
20
20
Ӏадас вира кӀант Явал. Четарш чохь Ӏаш а, даьхни лелош а болчеран да хилира цунах.