osis_id
stringclasses
66 values
chapter
int64
1
150
start_verse
int64
1
176
end_verse
int64
1
176
text
stringlengths
10
678
Rev
18
20
20
Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХӀунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.
Rev
18
21
21
Цхьана нуьцкъалчу малико, хьеран боккхачу тӀулгах тера болу тӀулг схьа а эцна, хӀорда чу кхоьссира. Цо элира: «Ишттачу ницкъаца хӀаллакйийр ю сел йоккха йолу Бавел-гӀала, иза кхин юха хир а йоцуш!
Rev
18
22
22
Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь мерз-пондар лоькхучеран а, иллеш олучеран а аьзнаш, шедагаш а, маӀаш а локхучеран а аьзнаш. Цхьана а тайпана пхьераш кхин хир бац хьуна чохь. Болх беш хьийзаш йолчу кохьаран гӀовгӀа а хезар яц хьуна чохь.
Rev
18
23
23
Къуьданан серло а кхин хир яц хьуна чохь. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь нускалийн а, уьш балош болчеран а аьзнаш. Хьан совдегарш бара кху дуьненахь уггар а хьалдерш. Хьуна чохь болчу бозбунчаша Ӏехийнера массо а халкъаш».
Rev
18
24
24
Кху гӀалахь карийнера байинчу пайхамарийн а, Делан нехан а, массо а кху лаьттахь байинчеран а цӀий!
Rev
19
1
1
Цул тӀаьхьа, йоккхачу тобано олуш санна, стигалара чӀогӀа аз хезира суна. Цо бохура: «Далла бу хастам! Вайн Делехь ду кӀелхьардовлар а, сийлалла а, нуьцкъалалла а.
Rev
19
2
2
Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гӀалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цӀий Ӏанорна, Дала цунна догӀуш долу таӀзар дира».
Rev
19
3
3
ШозлагӀа а олуш хезира суна: «Хастам бу Далла! Ерриг а тӀейогӀучу заманна а хир бу цу гӀалина тӀехула хьалатуьйсуш кӀур».
Rev
19
4
4
ТӀаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Ӏаршана тӀехиъна Ӏаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»
Rev
19
5
5
ТӀаккха оцу Ӏаршара схьадолу кхин а аз хезира. Цо бохура: «Хастамаш бе вайн Далла массо а Цуьнан ялхой болчара а, Цунах кхоьруш болчу лараме боцучара а, цӀеяханчара а».
Rev
19
6
6
Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гӀовгӀанах я чӀогӀачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла.
Rev
19
7
7
Даккхийдерца, самукъадаьлла хир ду вай. Далла хастамаш беш, Цуьнан сийлалла ойур ю вай. ХӀунда аьлча Ӏахаро зуда яло хан тӀекхаьчна, ткъа Цо ялош ерг кечъелла.
Rev
19
8
8
Цо цӀена а, лепаш долчу а дуткъачу кӀадинан коч тӀеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кӀади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гӀуллакхаш бохург ду.)
Rev
19
9
9
Малико соьга элира: «ДӀаязде: „Декъала бу Ӏахаро зуда ялорна дӀахӀоттийначу тойне кхайкхинарш“». Кхин а цо элира: «ХӀорш билггал бакъдолу Делан дешнаш ду».
Rev
19
10
10
Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Ӏибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гӀуллакх деш дерг, хьо а, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Ӏибадат! ХӀунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла ду».
Rev
19
11
11
Суна гира дӀаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кӀайн дин бара. Цу тӀе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тӀом бар а нийсонца леладо.
Rev
19
12
12
Цуьнан бӀаьргаш йогуш йолчу цӀерах тера ду. Ткъа Цуьнан коьрта тӀехь дуккха а таьжнаш ду. Цунна тӀехь язйина, Цунна Шена бен, кхин цхьанна а хууш йоцу цӀе ю.
Rev
19
13
13
ЦӀийно тӀадийна оба яра Цунна тӀехь. Беречун цӀе «Делан Дош» ю.
Rev
19
14
14
Цунна тӀаьхьахӀиттина догӀуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кӀайчу дойшна тӀехь бара, ткъа царна тӀехь яра цӀеначу дуткъачу лепаш долчу кӀадих йина бедарш.
Rev
19
15
15
Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тӀехь толам баккхархьама. Аьчка гӀожаца Цо олалла дийр ду царна тӀехь. Массо а ницкъийн Делан оьгӀазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.
Rev
19
16
16
Цуьнан духар тӀехь а, хаьн тӀехь а язйина иштта цӀе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».
Rev
19
17
17
ТӀаккха суна гира малхехь лаьтташ долу цхьа малик. Цо, аз а айдина, мохь туьйхира стигална юккъехула тӀемадаьлла доьдучу массо а олхазаршка: «ТӀема а довлий, схьагулло Делан доккхачу тойне.
Rev
19
18
18
Аша дӀадаа паччахьийн а, тӀеман коьртачу хьаькамийн а, тӀемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргӀат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цӀеяхначийн а дилха а».
Rev
19
19
19
ТӀаккха суна гира экха а, дуьнен чуьра паччахьаш а шайн эскаршца цхьаьна. Уьш гулделлера оцу дин тӀе хиъна Волчунна а, Цуьнан эскарна а дуьхьал тӀом бан.
Rev
19
20
20
Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гӀуллакхашца цо Ӏехийнера экханан мухӀар шайна тӀедиллийтинарш а, экханан суьртана Ӏибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цӀе яьлла богучу а Ӏома чу тесира.
Rev
19
21
21
Ткъа бисина болу кхиберш дин тӀе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.
Rev
20
1
1
Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Ӏинан догӀа а дара, стомма зӀе а яра.
Rev
20
2
2
Шех иблис а, Делан мостагӀа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зӀенашца дӀабихкира малико.
Rev
20
3
3
Цу саьрмике тӀедогӀу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Ӏехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Ӏин чу а тесна, и Ӏин дӀакъевлира, неӀарна мухӀар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кӀеззигчу ханна иза арахеца безар бу.
Rev
20
4
4
Цул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куь...
Rev
20
5
5
(Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза.
Rev
20
6
6
Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгӀачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.
Rev
20
7
7
И эзар шо чекхдаьлча, иблис чудоьллинчуьра дӀахоьцур ду. Дуьненан еа а йистехь долу халкъаш, ГӀогӀ а, МагӀогӀ а, Ӏехадеш арадер ду и. Цо тӀаме схьагулдийр ду, хӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха долу адамаш.
Rev
20
8
8
Уьш дуьне мел ду дӀадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара – иза Далла езна йолу гӀала ю.
Rev
20
9
9
Амма стигалара цӀе йоьссира, цу цӀеро мостагӀийн эскарш дӀакхаьллира.
Rev
20
10
10
Ткъа уьш Ӏехош хилла долу и иблис цӀе яьлла богучу саьмгалан Ӏам чу тесира. Цу Ӏам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Ӏазап хьоьгур ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.
Rev
20
11
11
Цул тӀаьхьа суна гира йоккха кӀайн басахь йолу Ӏарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира.
Rev
20
12
12
ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.
Rev
20
13
13
ХӀордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Ӏожалло а, эхарто а. Царна хӀоранна а, шайн-шайн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йира.
Rev
20
14
14
Ӏожалла а, эхарт а цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира. (И Ӏам шозлагӀа валар ду.)
Rev
20
15
15
Дахаран тептар тӀе дӀаязвина мел воцург цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира.
Rev
21
1
1
Керла стигал а, керла латта а гира суна, хӀунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хӀинца дӀадаьллера. ХӀорд а кхин бацара.
Rev
21
2
2
ТӀаккха суна гира Делан гӀала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогӀу керла Ярушалайм-гӀала яра иза.
Rev
21
3
3
Стигаларчу Ӏаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀинца Дела Ӏаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Ӏийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Ӏийр ву.
Rev
21
4
4
Дала церан хӀора бӀаьрхи а дӀадоккхур ду. ХӀинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хӀунда аьлча хьалхалера хӀуманаш дӀадевлла».
Rev
21
5
5
Ӏаршана тӀе хиъна Волчо элира: «ХӀинца Ас массо а хӀума керла кхуллур ду». ТӀаккха Цо элира: «ДӀаязде иза, хӀунда аьлча хӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду».
Rev
21
6
6
Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала.
Rev
21
7
7
Толам баьккхинчунна и дерриг а дуьсур ду, ткъа Со цуьнан Дела а хир ву, иза Сан кӀант а хир ву.
Rev
21
8
8
Ткъа кӀиллойн а, Ӏийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Ӏамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цӀарах а, саьмгалх а богучу Ӏам чохь. Иза шозлагӀа валар ду».
Rev
21
9
9
ТӀаккха тӀаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхӀ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Ӏахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна».
Rev
21
10
10
Суна тӀе Делан Са доьссича, малико со боккхачу, лекхачу лам тӀе ваьккхира. Цигахь цо суна гайтира стигалара Дела волчуьра охьайогӀу еза Ярушалайм-гӀала.
Rev
21
11
11
Делан сийлалла яра цу гӀалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тӀулгах а, чекх са гуш долчу цӀеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар.
Rev
21
12
12
Цу Ярушалайм-гӀалина гонах боккха а, лекха а пен бара. Цуьнан шийтта ков а дара. Кевнашкахь лаьтташ шийтта малик дара. Ткъа цу кевнашна тӀе дӀаязйина Исраилан халкъан шийтте а тайпанийн цӀераш яра.
Rev
21
13
13
Царах кхо ков малхбалехьа агӀор дара, кхин кхоъ – къилбаседехьа, важа кхоъ – къилбехьа, дисина кхоъ малхбузехьа агӀор дара.
Rev
21
14
14
ГӀалин и пенаш шийтта тӀулган бух тӀехь лаьтташ дара. Цу баххаш тӀе дӀаязйина Ӏахаран шийтта векалан цӀераш яра.
Rev
21
15
15
Цу гӀалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гӀаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь.
Rev
21
16
16
И гӀала биъ са болуш дӀахӀоттийнера. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьатерра яра. Оцу гӀожаца цо и гӀала юьстира. Иза бӀозза шийтта эзар сажа хилира. Ткъа цуьнан йохаллин а, шораллин а, лакхаллин а барам цхьатерра бара.
Rev
21
17
17
ТӀаккха пенийн лакхалла а юьстира малико. Адамаша бустучу барамехь юстура малико. Пенаш цхьа бӀе шовзткъе диъ дол лекха дара.
Rev
21
18
18
И пенаш яспис олучу дезачу тӀулгех дина дара. ГӀала ша а цӀеначу деших йина яра. И деши, ангали санна, чекх са гуш дара.
Rev
21
19
19
ГӀалин пенийн баххаш массо а тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечдина дара. Цхьана пенан бух яспис олучу, шолгӀаниг – саппир олучу, кхоалгӀаниг – халкидон, боьалгӀаниг – изумруд,
Rev
21
20
20
пхоьалгӀаниг – сардоникс, йолхалгӀаниг – сардис, ворхӀалгӀаниг – хризолит, борхӀалгӀаниг – вирил, уьссалгӀаниг – топаз, уьтталгӀаниг – хризопрас, цхьайтталгӀаниг – яцинт, шийтталгӀаниг – аметист олучу дезачу тӀулгех бинера.
Rev
21
21
21
ГӀалин шийтта ков шийтта жовхӀар дара. ХӀора ков цхьацца жовхӀарх дина дара. ГӀалин коьртачу урамера некъ цӀеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара.
Rev
21
22
22
Цу гӀалахь Делан цӀа ца гира суна, хӀунда аьлча Далла Ӏибадат дечу цӀийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Ӏахар а Шаьш бу цу гӀалахь.
Rev
21
23
23
Оцу гӀалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хӀунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Ӏахар а цуьнан къуьда бу.
Rev
21
24
24
Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гӀали чу.
Rev
21
25
25
Оцу гӀалин кевнаш дийнахь дӀа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела.
Rev
21
26
26
Халкъийн хьал а, хазна а цу гӀали чу яхьар ю.
Rev
21
27
27
Цхьа а боьха хӀума а, иштта сийсаза долу гӀуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гӀалина. Ӏахарехь долчу дахаран тептар тӀехь цӀераш язйина берш бен, цхьа а гӀур вац цу чу.
Rev
22
1
1
ТӀаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦӀеначу ангалих тера цӀена хи дара иза. Делан а, Ӏахаран а Ӏаршера схьадолура и шовда.
Rev
22
2
2
Иза гӀалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агӀор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хӀора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тӀера гӀаш халкъашна дарбана делла.
Rev
22
3
3
Шайна неӀалт кхайкхийнчарах кхин хӀумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Ӏахаран а Ӏарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Ӏамал еш.
Rev
22
4
4
Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цӀе а хир ю церан хьаьжнашна тӀехь.
Rev
22
5
5
Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хӀунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.
Rev
22
6
6
Малико соьга элира: «ХӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахӀуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хӀуманаш Шен ялхошна гайта».
Rev
22
7
7
«Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»
Rev
22
8
8
Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хӀуманаш хезна а, гина а ваьллачул тӀаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Ӏибадат дархьама.
Rev
22
9
9
Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хӀунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тӀехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Ӏибадат!»
Rev
22
10
10
Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тӀехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хӀунда аьлча и дерриг а хир долу хан тӀекхочуш ю.
Rev
22
11
11
Харцдерг лелочара кхидӀа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидӀа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цӀена берш кхидӀа а цӀена лелийла».
Rev
22
12
12
Ӏийсас боху: «Со кестта вогӀур ву. Сан ял а Соьца ю, хӀоранна а, ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀадалархьама.
Rev
22
13
13
Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТӀаьххьарлераниг а».
Rev
22
14
14
Декъала бу шайн духарш цӀандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гӀалин чу бовла а, дахаран диттана тӀера стом баа а.
Rev
22
15
15
ГӀалина арахь буьсур бу жӀаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цӀушна Ӏамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш.
Rev
22
16
16
«Аса, Ӏийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хӀуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТӀаьхье а, Ӏуьйренан сирла Седа а».
Rev
22
17
17
Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» – бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогӀийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи.
Rev
22
18
18
Кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хаамийн дешнаш хезаш волчу хӀоранга а Аса дӀахьедар до: «Нагахь цхьаммо кху дешнашна тӀе цхьа хӀума тӀетохахь, Дала цу тептар тӀехь бийцина болу массо а баланаш тӀебоуьйтур бу цунна.
Rev
22
19
19
Нагахь кху тептар тӀехь дӀаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хӀума тӀера дӀадаккхахь, Дала кху тептар тӀехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гӀалина чохь а дакъалацар дӀадоккхур ду цуьнан».
Rev
22
20
20
Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогӀур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Ӏийса!
Rev
22
21
21
Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца даим а.